Сагаипова Тамила - Нохчийн паччахь текст песни

[Сагаипова Тамила - Нохчийн паччахь текст песни]

Халкъа дуьхьа дина некъаш
Лар а йоцуш дайна дац
Машара го заза хьекъаш
Дехарг хилар шеко яц
Машара го заза хьекъаш

Дехарг хилар шеко яц
Хьена куьго мохк хаз бина
Массарна а хууш ду
Къома паччахь хьан сий дина
Хаза эшар локхар ю

Кхайкхор ду дуьненна хаза
Тхайниг санна кхи хир вац
Кхочаш бинарг халкъа лазам
Цул тхан хьоме х1умма дац
Кхочуш бинарг халкъа лазам

Цул тхан хьоме х1умма дац
Дахарах ша дина туьйра
Халкъе ирс цо кховдина
Мисканиг ца хетта хийра
Харцо ц1а ца ловзина

Нохчийн к1ента са ду маьрша
Доьналлех ду дуьзна дог
Халонаш мел дукха яржарх
Юха цо ца бокху ког
Халонаш мел дукха яржарх
Юха цо ца бокху ког
Нохчийн паччахь халкъа безам
Хьоьца даим бехар бу
Сий долу к1ант дукха везаш
Тхан дегнаш чохь вехар ву

Нохчийн паччахь халкъа безам
Хьоьца даим бехар бу
Сий долу к1ант дукха везаш
Тхан дегнаш чохь вехар ву!

Сий долу к1ант дукха везаш
Тхан дегнаш чохь вехар ву!

Интерпретация для


Добавить интерпретацию

A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z #
Интерпретировать