Сагаипова Тамила - Са б1ярге нур текст песни

[Сагаипова Тамила - Са б1ярге нур текст песни]

Бу бохучу мехкаршлахь
Со яра ахь къастийнарг
Вог1уш вайча кхаъ хуьлу
Са кийрахь ц1е кхастийнарг

Кадечу хьай боларца
Соьга хьа схьавирзина
Безамах дог хьаьгна ву
Эли ахь со хаьржина

Кадечу хьай боларца
Соьга хьа схьавирзина
Безамах дог хьаьгна ву
Эли ахь со хаьржина

Сан б1аьргийн нур ду хьо
Сан лера са ду хьо
Цхьа ц1еран суй бу хьо
Нуьцкъалла к1ант ву хьо

Хьо веза шеко яц
Хьоьга бен безам бац
Хьо цхьаъ бен эли вац
Хьо саннарг кхи хир вац

Хьо веза шеко яц
Хьоьга бен безам бац
Хьо цхьаъ бен эли вац
Хьо саннарг кхи хир вац

Ас хьоьх сирла ойла йо
Сан безамах вуцуш хьо
Ахь елла зезагийн курс
Маракъуьйлу дагахь хьо

Вай дийцинарш дагчохь ду
Цундела хьоьх теша со
Сан кийрара мерза са
Хьо воцчохь ца 1ехало

Вай дийцинарш дагчохь ду
Цундела хьоьх теша со
Сан кийрара мерза са
Хьо воцчохь ца 1ехало

Сан б1аьргийн нур ду хьо
Сан лера са ду хьо
Цхьа ц1еран суй бу хьо
Нуьцкъалла к1ант ву хьо

Хьо веза шеко яц
Хьоьга бен безам бац
Хьо цхьаъ бен эли вац
Хьо саннарг кхи хир вац

Хьо веза шеко яц
Хьоьга бен безам бац
Хьо цхьаъ бен эли вац
Хьо саннарг кхи хир вац

Хьал-де долчу к1енташлахь
Хьо хазвелла яра со
Амма цкъа ца моттара
Оццул везалур ву хьо

Эсалчу схьахьажарца
Соьга хьа схьавирзина
Безамах дог дуьзна ву
Эли ахь со язъйина

Сан б1аьргийн нур ду хьо
Сан лера са ду хьо
Цхьа ц1еран суй бу хьо
Нуьцкъалла к1ант ву хьо

Хьо веза шеко яц
Хьоьга бен безам бац
Хьо цхьаъ бен эли вац
Хьо саннарг кхи хир вац

Хьо веза шеко яц
Хьоьга бен безам бац
Хьо цхьаъ бен эли вац
Хьо саннарг кхи хир вац

Сан б1аьргийн нур ду хьо
Сан лера са ду хьо
Цхьа ц1еран суй бу хьо
Нуьцкъалла к1ант ву хьо

Хьо веза,шеко яц
Хьоьга бен безам бац
Хьо цхьаъ бен эли вац
Хьо саннарг кхи хир вац

Хьо веза,шеко яц
Хьоьга бен безам бац
Хьо цхьаъ бен эли вац
Хьо саннарг кхи хир вац

Интерпретация для


Добавить интерпретацию

Добавить расширенную интерпретацию

Если вы знаете, о чем поет исполнитель, умеете читать «между строк» и знаете историю песни, вы можете добавить интерпретацию текста. После проверки нашими редакторами мы добавим ее как официальную интерпретацию песни!

Последние добавленные интерпретации к текстам песен

A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z #
Интерпретировать